Нохчийн меттан Де

25.04.2016

Мотт – халкъан дахаран хазна ю. Мотт – адамийн дахаран а, юкъараллин а, ойла яран а, кхетаман а, 1илманан а, культуран а, искусствон а, халкъан хьекъалан а уггаре сийлахь, йоккха хазна ю. Мотт – халкъан историн куьзга ду.Шен маттаца доьзна, херадовла йиш йоцуш ду х1ора а къоман г1иллакхаш, ламасташ. Иштта маттаца доьзна дуккха а мехала х1умнаш ду къоман дахарехь.